Задать вопрос
16 августа, 07:26

Сочинени ненан мотт

+3
Ответы (1)
  1. 16 августа, 07:44
    0
    Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1 ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.

    Дуьненах дехачу х1 ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1 ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1 уманах лаьцна х1 умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт - иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1 уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: " Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац". Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.

    Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1 иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1 ара дерриг а Дуьне вайна совг1 атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан Ненан мотт-х1 ун хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Нохчийн мотт - вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1 амадо Даймохк беза. Цо 1 амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.

    Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1 аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1 аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1 унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1 оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1 амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1 ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: "Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара", - олуш. Ма - дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. Иза д1 адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах Дала лардойла вай!

    Чекхйолуш суна Ахмадов Мусан байташ яло лаьа:

    Кхераме дац суна мехаш,

    Къизачу зуламан ор а, -

    Нохчийн мотт соьца мел беха,

    Онда бу сан лаьттахь орам.
Знаете ответ?
Сомневаетесь в ответе?
Найдите правильный ответ на вопрос ✅ «Сочинени ненан мотт ...» по предмету 📘 Литература, а если вы сомневаетесь в правильности ответов или ответ отсутствует, то попробуйте воспользоваться умным поиском на сайте и найти ответы на похожие вопросы.
Смотреть другие ответы